
Нохчийчоь хьомсара
Промпт трека
Танцевальный
Мел хьоме хета хьо, кийрарчу дагна са Со йина кхиийна, Нохчийчоь хьомсара. Нанас со техкийна, хьан хазчу эшаршца, Цундела ц1ийх боьлла, хьоь болу безам са. *Припев* Шал шийла шовданаш, бохь лекха ламанаш, Баьццарчу дитташа, хазйина вай хьаьннаш. Стигланаш екхна ю, малх лепа къегина, Хьоьл хаза мохк хир бац, Сан дагна, са сина . *2 - куплет* Са дагна тайна ду, вай мехка г1иллакхаш Вай дайша лардина , схьадеъна 1адаташ. Майраллех буьззина кхуьуш бу къонахий Иманехь кхуьуш бу бос Хаза мехкарий. *3 - куплет* Хин коьртехь сецайо, оьздачу къонахчо Доьхуш йо1ера дош, цо Безам белхабо. Ц1ийелла йогу йуьхь, эхь хетар сов даьлла, Амма дог деттало, хазахетар сов даьлла. *Припев* Маьршачу вай махкахь Безамаш кхоллало. Х1ора Ше безамца, х1усаме верзаво. Ишта ду Даймахкахь Беркате х1ора де Хьомсара Нохчийчоь, яхалахь хьо ирсе.
Понравился трек?
Создайте свой первый трек совершенно бесплатно.
Дарим 10 кредитов каждому новому пользователю после регистрации.